WWW.INFO.Z-PDF.RU
БИБЛИОТЕКА  БЕСПЛАТНЫХ  МАТЕРИАЛОВ - Интернет документы
 

«Боккха ницкъ бу ненан меттан адамийн кхетам кхиорехь. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш ...»

Х1инцалера урок

Зама, 30 шо, 40 шо хьалха дерг доцуш хийцаелла. Массара олу дешархой хийцабелла, вайна х1ун хуьлуш лаьтта те олий. Х1умма хуьлуш ца лаьтта. Заманан некъашца д1адоьлхуш лаьтта вай. Кхечу заманахь вай динехьара и зама а лелор яра вай. Цхьана оьрсийн х1инцалерачу поэта аьлла-кх «Времена не выбирают- в них живут и умирают». Вай дуьненчу довлу рицкъан хан хийца йиш яц вайн. Цундела тахана вай декхар ду оьздангаллин орам, къоман са а лардеш, вай динчу заманехь даха.

Боккха ницкъ бу ненан меттан адамийн кхетам кхиорехь. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу дахаран муьрехь а адамашна, къаьсттина т1екхуьучу т1аьхьенна, шайл хьалха гулдина хаарш оьшу.

Дукхахьолахь и хаарш, дешархошна д1алуш, д1ахьоьхуш къахьоьгуш ву хьехархо.

Дешаран декъехь хуьлуш мел бакхий хийцамаш белахь а, хаарш д1адаларан а, т1еэцаран а, т1екхуьу чкъор кхетош-кхиоран кеп урок хилаза ца йолу. Вай олу цунах –х1инцалера урок. Х1инцалера урокан лехамаш.

Ткъа х1инцалера урок керлачу лехамашца д1аяхьа еза, цу юккъе керла технологиш ялош. Тахана ас сайн урокана х1отточу 1алашонах, хоржучу теманах, нийса билгалдинчу методически некъех дозуш хуьлу сан урокан жам1аш.

Дуьненахь долу массо х1ума а д1адолуш ду, орам. къоман са а лардеш, дикачу ц1ийнах схьаваьлла алар мехала ду. Дог токхдолуш ду бахам хилар. Делахь а куьйга т1ера мода санна х1ума ду и бахам. Самукъане ю хазалла а, жималла а. К1езиг ду-кх цуьнан паччахьалла.

Х1ун ду те адамана дуьсуш дерг?

Адамана дуьсуш дерг цуьнан кхетам а, хаарш а ду, нагахь санна цуьнан уьш делахь, -уьш- шена хьехнарг цунна вицвеллехь а, цуьнгахь дуьсуш дерг хаарш ду. И хаарш хила дезаш ду, уьш ца хилча хьехархо хир вац.

Вайн къоман яздархочун Шайхиев 1алвадин дешнаш ду:

Б1ешерийн бердаш ду историн тулг1еша цистина,

Ткъа адамаш т1айш ду-кх. б1ешарера, б1ешаре тийсина.

Х1ун ду те и бохург?

Х1окху вайн заманахь, вай йоккхучу хенахь, х1ара вайн хилларг, хьоьхуш, д1аяздеш вайн берашна, шайн берашка д1аалийта, и дахаран т1ай ца хадийта и ду-кх вайн т1ай хилла дисар, вайна хаахь а, ца хаахь а. Цундела хьехархо сема хила везаш ву.

Вайна тахана т1ехь долу декхар, вайна моьттачул доккха ду, алссам ду. Цу ненан меттан мутт довзийтар, хаийтар.

Вайн нохчийн халкъах лаьцна вайна дитинарш бу:

1. Мамакаев, А. Айдамиров, М. Мамакаев, А. Сулейманов. И кх.д1.

Дуккха а говза 1илманан к1орге йолуш нах хилла вайн.

Схьалоцур вай 1. Мамакаев. Нохчийн поэзин бухбиллархо, нохчийн Пушкин ала мегар ду цунах. Мел хаза вовшах дуьйцина цо х1ара дешнаш:

Къеначу лаьмнаший, ширачу хьаннаший.

Д1адевлларш хьехадеш къамел дан йиш хилча,

Ц1ий лайначу т1улгаший, т1ом гинчу пепнаший,

Ладоьг1ург велхавеш, хийла аз хазор дара.

М. Мамакаевн:

Хьан бах хьо, сан Даймохк, яханчу хенахь,

Йоза а, хьайн доцуш, б1арзбелла баьхна,

Къийсамо аьгначу хьан т1улган белшехь,

Гуш ду-кх яздина сан дайшка кхаьчнарг.

Мел мах бу оцу мог1анийн! Хьехархо массо а кепара кхиин ца хилча, цу меттан мутт шена хууш ца хилча, дешархойн синошка, дегнашка д1акхочур бац.

Х1инццалц хилла вайн т1аьхье яц, тахана вайна хьалха хевшина 1ийраш.

Тахана вай кхечу заманахь дехаш ду, тохара бераш хьехархо йог1у аьлча дуьхьал уьдура, куьг лаца г1ертара. Ткъа тахана хьо хьой маракхетахь а тамаш ца бо цара.

Ткъа тахана кху дуьнено царна массо а х1ума а гайтина, технологеш ю, дуьненан юкъара хаамаш бу, средства массовой информаци, компьютерш ю, телефонаш ю.

Т1аккха уьн т1е д1а а х1оьттина, чолхе предложенеш бохуш воллу хьо, хьайга ладог1ийта. царна юккъехула чекх а ваьлла, цуьнан сине д1акхача веза хьо, и компьютер харцош, и телефон дош доций хоуьйтуш. Хьо мила ву хаийта деза ахь хьайн хааршца а, хьехамца а.

Церан дегнашка боьду некъ карийча урок тийналлехь хир ю, хаттарш мехала хир ду.

Тахана хьехархо вац гуттар а дешархошна дийца дезарг. Дешархой бу шайна хьалха лаьттачу хаттаршна жоьпаш лохуш, лехамийн новкъахь алссам къахьега дезаш. Вайн декхар-уьш цу новкъа бахар, цаьрга шайн хаарш гулдайтар.

Урокан кеп хоржуш, ас тидаме оьцу дешархойн хаарш. Ледара а, дика а доьшуш болу дешархой тидамехь латторо аьтто бо сан, айса сатийсинчу жам1ашка кхача. Тайп-тайпанчу белхийн кепех пайдаоьцуш вовшахтоьхначу уроко г1о до суна эвсаре а, пайде а хин йолчу кепара урокан хенах пайдаэца.

Иштта д1ахьош болчу балхо кхачайо со х1инцалерачу лехамашка.

1оттабаккхаман-диалоган технологех ю кейс-технологи. Цунах пайда оьцу ас сайн урокашкахь. Айса проблемни хьал а кхуллуш, иза кхочушдаран некъ лахар, гойту.

Масала: 5-чу классашкахь жима дийцар деша доладой, царна уггар хазделлачу меттехь соцунг1а а йой, т1едиллар до царна, аша муха чекхдоккхур дара и дийцар шаьш хилча цуьнан авторш. Иштта болх д1ахьо дешархой шина тобане боькъе, х1ора тобано шен дийцаран чаккхенан кеп юьйцуш. Цул т1аьхьа дерриге а дийцар д1адоьшу.

Критически ойлаяр кхиоран технологих (технология развития критического мышления) ю синквейн.

Синквейн – иза пхеа мог1анах лаьтта, къастамечу кепаца язйинчу, жимачу байтан кеп ю.

Коьртачарех ду х1инцалерачу урокашкахь рефлексин муьрехь тайп-тайпана белхаш бар: йоццачу ханна дешархоша эссе язъяр, синквейн язъяр, шена хетарг алар, яцйина предложени т1еюзар, ша диллинчу суьртехь шен ойла гайтар.

Иштта бечу белхаша, къасттина ненан мотт хьехарехь, дешархой вовшашца хьасене хуьлуьйту, шен накъостан ойла хийра ца хета, ша бинчу а, шен накъосташа бинчу а белхийн нийса мах хадо 1ема, шен ойла йийцаре йилла 1ема, кхечуьнга ладог1а 1ема. Цул сов, дешархой 1ема шаьш а, кхечара бечу белхан нийса хьесап дан а, информационни хаамаш язбан а, конспекташ х1итто а.

Похожие работы:

«А.Б.ГофманПисьма классиков: значение эпистолярного жанра в истории социологии Письма как источник для изучении различных сфер социальной жизни и культуры использовались с незапамятных времен....»

«"Путешествие по сказкам Шарля Перро" Цель: познакомить с биографией и творчеством Шарля Перро Задачи: повышать интерес детей к чтению, воспитывать нравственные качества в детях, воспитывать чувство коллективизма, уважительное отношение друг к другу. Оборудование: презе...»

«План урока №9 Тема урока: "Особенности развития цивилизаций Востока в Средние века" Тип: лекция с элементами беседы Вид: традиционный Цель урока: изучение учащимися цивилизаций Востока в средневековый период.Задачи урока:Образовательные: Выявить особенности развити...»

«Конспект урока по истории средних веков. Учитель истории Костыря Елена Анатольевна Тема урока: Столетняя война. Тип урока: изучение нового материала, с использованием элементов игры. Цели: на примере данного исторического события обсудить понятие патриотизма, показать роль народа и личности в истории. Задачи: научиться раскрывать причины и пово...»

«В курсовой работе студент раскрывает указанную тему, расписывая ее по предложенным параграфам. Приветствуется рассмотрение данной проблемы применительно к современным условиям развития экономики.1. Тема: Экономическая теори...»

«Англия и англичане с точки зрения Н.М.Карамзина. Л.С.Созыкина, учитель английского языка, Статья для конференции "Изучение и популяризация наследия Н.М.Карамзина в школе" 2016. На рубеже 18...»

«Единый Всекубанский классный час: "Год культуры – история Кубани в лицах" Подготовила учитель Чумаченко Н.Е.Цель: систематизировать и актуализировать знания учащихся об истории и  культуре  Краснодарского края; формировать активную позицию, направленную на участие в культурной жизни своей страны, региона, населенного пункта; формиро...»









 
2018 www.info.z-pdf.ru - «Библиотека бесплатных материалов - интернет документы»

Материалы этого сайта размещены для ознакомления, все права принадлежат их авторам.
Если Вы не согласны с тем, что Ваш материал размещён на этом сайте, пожалуйста, напишите нам, мы в течении 2-3 рабочих дней удалим его.